 |
«Маржа хьо, х1aй дуьне»Малх кхета 1уьйранна,
Шeн серло яржаеш.
Чубузу, вайн дуьне
Бодане кхоладеш.
Цу Дала эшийнарг
Ма г1ерта толаван,
Къонаха стогаллех
Ма г1ерта вохаван.
Къаналла т1екхочу,
Жималлех хьегавеш,
Балано схьалоцу,
Г1айг1ане вожавеш.
Заманан сихалло
Ойланаш яржайо,
Адамийн къизалло
Кийрахь дог дагадо.
Алийша, адамаш,
Х1унда ю къизалла,
Дегнашчу мичара
Юссу-те 1осалла?
Массо а вуьсур ву
Эшийна къаналло,
Лоцур ву шен хенахь
Ямартчу 1ожалло.
Маржа хьо, х1ай дуьне,
Мел деза кхоьллина,
Басаршца б1аьрг хьоьстуш,
Ахь 1алам кхелина.
Б1алг1анех хазна еш,
Хийла ахь 1ехийна,
Кхачийна собарах,
Хийла б1аьрг белхийна.
Маржа хьо, х1ай дуьне,
Дезначех дисина,
Хийла, хьох ца кхеташ,
Ас хьоьцу къийсина.
Хьан амал ца евзаш,
Хьуна т1ег1иртина,
Тахана ахь тесна
Со цхьалха витина. |
 |